Конспект урока чеченского языка "Яххьийн ц1ерметдешнаш"; 4 класс











4 КЛАССЕХЬ Д1АЙАЬХЬНА НОХЧИЙН МЕТТАН

ЙИЛЛИНЧУ УРОКАН КОНСПЕКТ

УРОКАН Ц1Е: ЯХХЬИЙН Ц1ЕРМЕТДЕШНАШ.

КЕЧЙИНАРГ: Дукаева Л.С.














Урокан ц1е: «Яххьийн ц1ерметдешнаш».

1алашо: ц1ерметдешнех болу хаамаш шорбар. Ц1ерметдешнаш яххьашка декъалуш хилар хаийтар. Х1ора юьхьан маь1на довзийтар. Ц1ерметдешнех йозанехь а, къамелехь а пайдаэца 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: берашна девзар ду яххьийн ц1ерметдешнаш, евзар ю церан грамматически билгалонаш (дожаршца хийцало). Берана 1емар ду оьшучу кепе а х1иттош предложенешкахь яххьийн ц1ерметдешнех пайдаэца.

2. Метапредметни:

Регулятивни: берашна хуур ду кийчачу планаца болх д1абахьа. 1емар ду хьалххе билгалбаьхначу кхиамашка кхача. Берашна 1емар ду х1оранна корматалле хьаьжжина кхиамаш баха.

Коммуникативни: берашна 1емар ду нийса , бух болуш жоьпаш дала, шаьш дуьйцург масашца т1еч1аг1дарца. Берашна 1емар ду вовшашца эбала, г1о дан.

Познавательни: берашна 1емар ду шайна х1оттийначу хаттарна жоп лаха, тайп-тайпанчу масалшна а , г1ирсашна а юккъехь шайна оьшург харжа а. Берашна 1емар ду яххьийн ц1ерметдешнаш цхьаллин терахьехь лега.

3. Личностни: берашна 1емар ду вовшийн лера а , терго ян. Вовшийн оьшуш хилар, тобанехь 1ебала а хуур ду берашна

Урок д1аяхьар.

1.Маршалла хаттар. 

-Маршалла ду шуьга, хьоме бераш. Де беркате а дог1ийла!

-Делан лаамца, вай д1ахьур ю нохчийн меттан урок.

2. Мотиваци. (слайд-2)

Школехь бека горгали:

Самавала, Сайд-1али,

Хьалаг1атта, школе гlyo,

Т1аьхьавуьсуш лаьтта хьо.

Хьан нийсархой д1абахна,

Ца воьдуш хьо ц!ахь висна,

Бераш доьлуш хир ду хьох,

Висна, бохуш, вижна чохь.

Школехь бека горгали:

Самавала, Сайд-1али,

Хьоьга кхойкху йишхаьлла,

Х1унда вац хьо т1ах-аьлла?

(-Берш, шу дуьсий школе т1ехьа? Аша ху хьехар дира дара Сайд-1алина?)

3. Хаарийн актуализаци. (слайд-3)

-Стенах олу ц1ердош?

-Билаглдош стенах олу?

-Стенах олу терахьдош?

-Муьлхачу къамелан метта лела ц1ерметдош?

3. 1алашо йовзийтар. (Слайд 4)

1. Караде совнаха дош.

Шийтта, кхоъ, ах, доьалг1а, уьссалх1а, оццул, йо1, к1ант, Адам, Хьава, нана, доттаг1, иза, можа , ц1ен, сийна, 1аьржа, иштта.

2.-Х1етал-метал хаьийла шуна:

Къамелан дакъош ца эшош,

Ду со церан метта лелош:

Со,хьо , иза дилла аш,

Хир ду таккха….(ц1ерметдош).

-Хьан эра дара аша, стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?

-Яханчу урокехь вай дийцира ц1ерметдешнех лаьцна, х1окху урокехь  шуна девзар ду яххьийн ц1ерметдешнаш. 1емар ду  муха къаьста яххьийн ц1ерметдешнаш а, ц1ердешнаш а вовшех.

-Бераш, вай х1инца д1айаздийра ду, таханлера терахь. Муьлха терахь ду вайна? Муьлха бутт бу? Кестта т1екхочуш х1ун дезде ду вайна? Аша хун да лерина цу дийнахь?

Бераш д1айаздо терахь, классера болх, урокан ц1е. (слайд 5)

Яххьийн ц1ерметдешнийн тидам бар. (слайд 6)

 Слайд:

Хьо хиллий мокха хьоза тергалдеш?

Каде хьийза иза. Со цо тергал а ца вора.

Уьш даим а вовшашца девне хуьлу.

-Схьайазде, ц1ерметдешнаш, к1ел сиз хьакха царна.

Хьо, иза, со, цо, уьш – ц1ерметдешнаш ду.

-Карладаккхий вай, стенах олу ц1ерметдош? (слайд 7)

-Х1инца шина б1ог1амалгехь д1аязйинчу предложенешка хьовсур ду вай:

(Слайд 8)

(Мила?)  Салман боксе лелаш ву.                (Мила?) Иза лата кечлуш ву.

 (Муьлш?) Бераш школе дахара.                   (Хьан?) Цара дика дийшира.

-Хьалхарчу б1ог1амалгерчу предложенешкахь билгалдина дешнаш муьлха къамелан дакъош ду?

Нийса боху: Салман, бераш-ц1ердешнаш ду. 

-Шолг1ачу б1ог1амалгехь вай билгалдина дешнаш:

— Иза, цара —  Салман, бераш бохучу дешнийн меттана яздина яххьийн ц1ерметдешнаш ду.

4. Керла тема хьехар.

Бакъо таллар.

-Д1аеша 104 г1а аг1он т1ера бакъо. (Слайд 9, 10. 11)

-Маса декъе декъало яххьийн ц1ерметдешнаш?

-Муьлханиг ю хьалхара юьхь?

-Муьлханиг ю шолг1а юьхь?

-Муьлханиг ю кхоалг1а юьхь?

Ц1ерметдешнийн легаран тидам бар.

Шардар № 235 , аг1о 116.

(Берашка уьн т1ехь таблица а юьллийте лоьгуьйту)

Д1аязде дожарш. Легаде ц1ерметдешнаш:со,хьо, и, иза.

Дожарш

Хьалхара юьхь

Шолг1а юьхь

Кхоалг1а юьхь

Ц1. мила?

Дл.хьенан?

Л.хьанна?

Др. хьан?

К.хьаьнца?

Х.хьанах?

М. хьаьнга?

Дс.хьанал?

со

сан

суна

ас

соьца

сох

соьга

сол

хьо

хьан

хьуна

ахь

хьоьца

хьох

хьоьга

хьоьл

и, иза

цуьнан, оцуьнан

цунна , оцунна

цо , оцо

цуьнца , оцуьнца

цунах, оцунах

цуьнга , оцуьнга

цул, оцул

.-Д1адеша ц1ерметдешнаш. Муха хийцаделла коьчалниг , меттигниг дожаршкахь ц1ерметдешнаш? (Орамера –о- элпан метана х1оьттина –оь- элп).

-Муха хийцаделла дийриг дожарера ц1ерметдешнаш? (Дина дош хийцаделла).

Аш тидам бинехь кхоалг1ачу юьхьан ц1ерметдешнаша цхьаллин а, дукхаллин а терахьехь лач дожаршкахь орамера аз хийцина ца 1аш, шайн кеп а хуьйцу: и, иза, уьш.
Яххьийн ц1ермедешнаш со, тхо, хьо, шу — хотталург, дустург дожаршкахь орамера аьзнаш лардеш яздо: сох, сол, хьох, хьол, тхох, тхол, шух, шул; дийриг дожарехь цара шайн кеп хуьйцу: со-ас,хьо-ахь, тхо-оха,шу-аш.
Вай бохучу хьалхарчу юьхьан дукхаллин терахьан ц1ерметдашо дожаршца легош шен кеп а, орамера аз а ца хуьйцу

Берашка шайга болх байтар.

Шардар № 207 , аг1о 107. (слайд 12)

5. Сада1аран миноташ.

Хелхадуьйлу «т1ох-дап-т1ох»,

Тхайн ц1ахь чохь а, арахь.

Кхин дан х1ума ца хилахь,

Хелхар дийр ду школехь.

Хуьлийла хьо шианхо

Я т1ех дика дешархо.

Xlapa хелхар 1амаде,

Когаш хьайн ма кхоабе!

(Xlapa байташ а йоьшуш, куьйгаш хьала а дохуьйтий,уьш вовшах а детташ, юкъ-кара наг-наггахь когаш а тухуш,хелхар до)

6. 1амийнарг т1еч1агдар. (Слайд 13)

Текста юкъара ц1ерметдешнаш билгалдахар.

Шардар № 208, аг1о 107.

-Д1аеша байт. Мила ву цуьнан автор? Стенах лаьцна ю иза?

-Муьлха ц1ерметдешнаш ду цу юкъахь? (Хьо, хьоьца, со, хьоьга).

-Д1аязъе байт. Ц1ерметдешнашна буха сиз хьакха.

Кхоллараллин болх. (Хан йисахь)

Карточка 1.

Х1ун хийцамаш хуьлу коьчалниг дожарехь ц1ерметдешнийн орамехь?

__________________________________________________________________

-Д1аязде уьш дийриг дожаршкахь.

Карточка 2.

Муха хийцало дийриг дожарехь ц1ерметдешнаш?

_________________________________________________________________

7. Жам1 дар.

-Маса юьхь ю ц1ерметдешнийн?

-Муьлханиг ю хьалхара юьхь?

-Муьлханиг ю шолг1а юьхь?

-Муьлханиг ю кхоалг1а юьхь?

8. Рефлекси.

Берийн жоьпаш гочдар.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

Бераш, тахана урокехь вай дийци ц1ерметдешнех лаьцна, девзи яххьийн ц1ерметдешнаш. Иштта хии уьш 1-чу, 2-чу, 3-чу а декъе декъалуш хилар а, 1еми йозанехь царах пайда эца а.

9. Ц1ахь бан болх балар.

106-г1а аг1он т1ера бакъо 1амо. Ш.205

-Кху т1ехь вай таханлера урок ерзор ю. шуна Дела реза хийла, сунна ч1ог1а хазахийтира шу девзана а. шуца болх беш а! 1адика йойла шун, маьрша 1айла!

Карточка 1.

Х1ун хийцамаш хуьлу коьчалниг дожарехь ц1ерметдешнийн орамехь?

__________________________________________________________________


Карточка 2.

Муха хийцало дийриг дожарехь ц1ерметдешнаш?

____________________________________________________________


Карточка 1.

Х1ун хийцамаш хуьлу коьчалниг дожарехь ц1ерметдешнийн орамехь?

__________________________________________________________________


Карточка 2.

Муха хийцало дийриг дожарехь ц1ерметдешнаш?

____________________________________________________________



Карточка 1.

Х1ун хийцамаш хуьлу коьчалниг дожарехь ц1ерметдешнийн орамехь?

__________________________________________________________________


Карточка 2.

Муха хийцало дийриг дожарехь ц1ерметдешнаш?

____________________________________________________________










Полный текст материала Конспект урока чеченского языка "Яххьийн ц1ерметдешнаш"; 4 класс смотрите в скачиваемом файле.
На странице приведен фрагмент.
Автор: Дукаева Лариса Салмановна  larisaduckaeva
28.02.2024 0 643 1

Спасибо за Вашу оценку. Если хотите, чтобы Ваше имя
стало известно автору, войдите на сайт как пользователь
и нажмите Спасибо еще раз. Ваше имя появится на этой стрнице.



А вы знали?

Инструкции по ПК